Чулацаман тӀегӀо

Дешин буьрка (France Football)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дешин буьрка
Мохк
Тайпа спортан совгӀат
Хьан ло France Football
Статистика
Кхолларан терахь 1956
Сайт francefootball.fr/…(франц.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

«Дешин буьрка» (фр. Ballon d'Or) — хӀора шеран футболан совгӀат, кхин а девза Европера шеран уггаре дика футболистан (инг. European Footballer of the Year) цӀарца. Ло хӀора шарахь дика лаьррачу футболистан. СовгӀат кхоьллина France Football журналан коьртачу редакторо Ано Габриэла, цуо дийхира шен белхан накъосташка Европера шеран уггаре дикачу ловзархочун кхаж тасар 1956 шарахь. Дуьххьара совгӀат даьккхинарг хилира «Блэкпул» йукъара Стэнли Мэтьюз[1].

Йуьхьанца журналистийн Европехь клубашкахь ловзу европин ловзархошна бен кхаж таса йиш йацара, цундела Марадона Диего а, Пеле а санна футболисташна и совгӀат ца далалора[2]. 1995 шарахь бакъонаш хийцаелира: хӀинца совгӀат даккха таро йара муьлххачу къоман футболистан, нагахь иза европин клубехь ловзуш велахь. Европера воцу дуьххьарлера совгӀат даьккхина футболист оццу шарахь хилира «Миланан» ловзархо Веа Джордж[3]. 2007 шарахь бакъонаш йуха а хийцаелира: хӀинца «Дешин буьрка» яккха таро йара муьлххачу къоман, дуьненан муьлххачу клубан ловзархочун. Иза бахьнехь толамхо билгалвоккху журналистийн барам а тӀетуьйхира: Европин 52 журналистех, дерриг дуьненан 96 журналист хилира, цара билгалвоккху пхиъ уггаре дика шеран футболист[4].

2010 шарахь совгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА шеран ловзархо» а цхьаьнатуьйхира «ФИФА Дешин буьрка» цӀе а туьллуш. Дуьххьара оцу совгӀатан да хилира Месси Лионель[5]. 2016 шеран сентябрехь ФИФАс сацийра накъосталла France Football журналца «Дешин буьрканца» йолчу агӀора. Оцу хенахь дуьйна совгӀатах йуха а «Дешин буьрка» олу, иза France Football журнало ло[6]. ТӀаьххьара совгӀат даьккхинарг ву Месси Лионель[7].

«Дешин буьрка» совгӀат уггаре дукха, кхузза, делира веа футболистан: Кройф Йоханан, Платини Мишелан, ван Бастен Маркон, Криштиану Роналдун (Платини бен вац и совгӀат кхаа шарахь тӀекӀел, 1983 – 1985 шерашкахь, и совгӀат даьккхинарг[1]). СовгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА Дешин буьрка» а уггаре дукха даьккхинарг, ялхазза, Месси Лионель[8] ву. Цул сов, Мессин бен ца дела и совгӀат деазза тӀекӀела, 2009 – 2012 шерашкахь.

1997 шарахь «Дешин буьрка» йаьккхира Роналдос, иза дуьххьарлера бразилихо хилира и совгӀат даьккхина[3]. Уггаре дукха совгӀат даьккхина немцойн футболисташа: Германера пхеа ловзархочо йаьккхина ворхӀ «Дешин буьрка». Кевнахойх Яшин Лев бен вац и совгӀат даьккхинарг; иза хилира 1963 шарахь.

2020 шарахь исторехь дуьххьара «Дешин буьрка» ца елира цхьанне а, хӀунда аьлча пандеми COVID-19 бахьнехь совцийнера берриг баккхий дуьненайукъара къийсамаш, царна йукъахь ЕВРО-2020, ткъа цхьа могӀа къаьмнийн хьалхеяккхарш совцийнера я чекхйаьккхинера хеназа[9].

Толамхойн исписка[бӀаьра нисйан | нисйан]

Месси Лионель — тӀаьххьара «Дешин буьрка» йаьккхинарг.
Шо Мохк Ловзархо Клуб Билгалдахарш Позици
Дешин буьрка France Football (1956—2009)
1956 Кеп:Байракх а, мохк а Мэтьюз Стэнли Ингалсан байракх Блэкпул Форвард
1957 Кеп:Байракх а, мохк а Ди Стефано Альфредо Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид [1957] ТӀелатархо
1958 Кеп:Байракх а, мохк а Копа Раймон Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид ТӀелатархо
1959 Кеп:Байракх а, мохк а Ди Стефано Альфредо Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид ТӀелатархо
1960 Кеп:Байракх а, мохк а Суарес Луис Байракх Испанин (1945—1977) Барселона Ахтурсло
1961 Кеп:Байракх а, мохк а Сивори Омар Италин байракх Ювентус [1961] ТӀелатархо
1962 Кеп:Байракх а, мохк а Масопуст Йозеф Чехословакин байракх Дукла (Прага) Ахтурсло
1963 Кеп:Байракх а, мохк а Яшин Лев Байракх ССРС Динамо (Москох) Кевнахо
1964 Кеп:Байракх а, мохк а Лоу Денис Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед ТӀелатархо
1965 Кеп:Байракх а, мохк а Эйсебио Португалин байракх Бенфика (Лиссабон) ТӀелатархо
1966 Кеп:Байракх а, мохк а Чарльтон Бобби Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед Ахтурсло,

ТӀелатархо

1967 Кеп:Байракх а, мохк а Альберт Флориан Кеп:Мажарчоьнан байракх Ференцварош ТӀелатархо
1968 Кеп:Байракх а, мохк а Бест Джордж Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед Ахтурсло
1969 Кеп:Байракх а, мохк а Ривера Джанни Италин байракх Милан Ахтурсло
1970 Кеп:Байракх а, мохк а Мюллер Герд Германин байракх Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1971 Кеп:Байракх а, мохк а Кройф Йохан Нидерландин байракх Аякс ТӀелатархо
1972 Кеп:Байракх а, мохк а Беккенбауэр Франц Германин байракх Бавария (Мюнхен) Турсло
1973 Кеп:Байракх а, мохк а Кройф Йохан Байракх Испанин (1945—1977) Барселона [1973] ТӀелатархо
1974 Кеп:Байракх а, мохк а Кройф Йохан Байракх Испанин (1945—1977) Барселона ТӀелатархо
1975 Кеп:Байракх а, мохк а Блохин Олег Байракх ССРС Динамо (Киев) ТӀелатархо
1976 Кеп:Байракх а, мохк а Беккенбауэр Франц Германин байракх Бавария (Мюнхен) Турсло
1977 Кеп:Байракх а, мохк а Симонсен Аллан Германин байракх Боруссия (Мёнхенгладбах) ТӀелатархо
1978 Кеп:Байракх а, мохк а Киган Кевин Германин байракх Гамбург ТӀелатархо
1979 Кеп:Байракх а, мохк а Киган Кевин Германин байракх Гамбург ТӀелатархо
1980 Кеп:Байракх а, мохк а Румменигге Карл-Хайнц Германин байракх Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1981 Кеп:Байракх а, мохк а Румменигге Карл-Хайнц Германин байракх Бавария (Мюнхен) ТӀелатархо
1982 Кеп:Байракх а, мохк а Росси Паоло Италин байракх Ювентус ТӀелатархо
1983 Кеп:Байракх а, мохк а Платини Мишель Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1984 Кеп:Байракх а, мохк а Платини Мишель Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1985 Кеп:Байракх а, мохк а Платини Мишель Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1986 Кеп:Байракх а, мохк а Беланов Игорь Байракх ССРС Динамо (Киев) ТӀелатархо
1987 Кеп:Байракх а, мохк а Гуллит Рууд Италин байракх Милан [1987] Ахтурсло
1988 Кеп:Байракх а, мохк а Ван Бастен Марко Италин байракх Милан ТӀелатархо
1989 Кеп:Байракх а, мохк а Ван Бастен Марко Италин байракх Милан ТӀелатархо
1990 Кеп:Байракх а, мохк а Маттеус Лотар Италин байракх Интернационале Турсло,

ахтурсло

1991 Кеп:Байракх а, мохк а Папен Жан-Пьер Францин байракх Олимпик Марсель ТӀелатархо
1992 Кеп:Байракх а, мохк а Ван Бастен Марко Италин байракх Милан ТӀелатархо
1993 Кеп:Байракх а, мохк а Баджо Роберто Италин байракх Ювентус Форвард
1994 Кеп:Байракх а, мохк а Стоичков Христо Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
1995 Кеп:Байракх а, мохк а Веа Джордж Италин байракх Милан [1995] ТӀелатархо
1996 Кеп:Байракх а, мохк а Заммер Маттиас Германин байракх Боруссия (Дортмунд) Турсло,

Ахтурсло

1997 Кеп:Байракх а, мохк а Роналдо Италин байракх Интернационале [1997] ТӀелатархо
1998 Кеп:Байракх а, мохк а Зийнаддин Зидан Италин байракх Ювентус Ахтурсло
1999 Кеп:Байракх а, мохк а Ривалдо Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
2000 Кеп:Байракх а, мохк а Фигу Луиш Испанин байракх Реал Мадрид [2000] ТӀелета

ахтурсло

2001 Кеп:Байракх а, мохк а Оуэн Майкл Ингалсан байракх Ливерпуль ТӀелатархо
2002 Кеп:Байракх а, мохк а Роналдо Испанин байракх Реал Мадрид [2002] ТӀелатархо
2003 Кеп:Байракх а, мохк а Недвед Павел Италин байракх Ювентус Ахтурсло
2004 Кеп:Байракх а, мохк а Шевченко Андрей Италин байракх Милан ТӀелатархо
2005 Кеп:Байракх а, мохк а Роналдиньо Испанин байракх Барселона Ахтурсло,

ТӀелатархо

2006 Кеп:Байракх а, мохк а Каннаваро Фабио Испанин байракх Реал Мадрид Турсло
2007 Кеп:Байракх а, мохк а Кака Италин байракх Милан ТӀелета

ахтурсло

2008 Кеп:Байракх а, мохк а Криштиану Роналду Ингалсан байракх Манчестер Юнайтед ТӀелатархо
2009 Кеп:Байракх а, мохк а Месси Лионель Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
2010—2015 шерашка хьажа Дешин буьрка ФИФА
Дешин буьрка France Football (2016 шарахь дуьйна)
2016 Кеп:Байракх а, мохк а Криштиану Роналду Испанин байракх Реал Мадрид ТӀелатархо
2017 Кеп:Байракх а, мохк а Криштиану Роналду Испанин байракх Реал Мадрид ТӀелатархо
2018 Кеп:Байракх а, мохк а Модрич Лука Испанин байракх Реал Мадрид Ахтурсло
2019 Кеп:Байракх а, мохк а Месси Лионель Испанин байракх Барселона ТӀелатархо
2020 ДӀадаьккхина пандеми COVID-19 бахьнехь[10]

Таблицин комментареш[бӀаьра нисйан | нисйан]

1957.   Ди Стефано Альфредо Аргентинехь винехь а, 1956 шарахь цунна испанин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Испанин гулйина командехь.[11]

1961.   Омар Сивори Аргентинехь винехь а, 1961 шарахь цунна италин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Италин къоман гулйина командехь.[12]

1973.   Кройф Йохан «Аяксера» дехьавелира «Барселоне» 1973 шеран юккъехь.[13]

1987.   Гуллит Рууд ПСВ йукъара дехьавелира «Милан» йукъа 1987 шеран юккъехь.[14]

1995.   Веа Джордж «Пари Сен-Жермен» йукъара дехьаваьлла «Милан» йукъа 1995 шеран юккъехь.[15]

1997.   Роналдо «Барселонера» дехьаваьлла «Интернационале» 1997 шеран юккъехь.[16]

2000.   Фигу Луиш «Барселонера» дехьаваьлла «Реал Мадрид» йукъа 2000 шеран юккъехь.[17]

2002.   Роналдо «Интернационалера» «Реал Мадрид» йукъа дехьаваьлла 2002 шеран юккъехь.[18]

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. 1 2 Ronaldo joins legendary list. BBC Sport. 01.12.2008.
  2. Matthews wins first Golden Ball. BBC Sport. 01.12.2008.
  3. 1 2 The 1990s Ballon d’Or winners. BBC Sport. 01.12.2008.
  4. Kaka wins 2007 award. BBC Sport. 1.12.2008.
  5. The FIFA Ballon d’Or is born. FIFA (2010 шеран 5 июль). Архивйина 2010 шеран 12 декабрехь
  6. Voici les nouvelles règles et les nouveaux aménagements du Ballon d’Or France Football : [фр.] // France Football : журнал. — 2018. — 19 septembre.
  7. The FIFA Ballon d’Or is born. FIFA (2010 шеран 5 июль). Архивйина 2010 шеран 12 декабрехь
  8. Иван Соколов. У Лионеля Месси стало шесть «Золотых мячей». www.championat.com. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 3 декабрь.
  9. Футбол. "Дешин буьрка" не будут вручать впервые в истории. www.sport.ru (2020 шеран 20 июль). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 21 июль.
  10. Il n'y aura pas de Ballon d'Or France Football en 2020. France Football (20 июля 2020). ТӀекхочу дата: 20 июля 2020.
  11. Europe dazzled by Di Stéfano. UEFA.com. 22.11.2004. Архивйина 2008-12-11 — Wayback Machine
  12. Juve legend Sivori dies. UEFA.com. 18.02.2005. Архивйина 2007-01-04 — Wayback Machine
  13. Johan Cruyff. Laureus World Sports Awards. Архивйина 2007-12-13 — Wayback Machine
  14. Sexy football to sexy golf, Gullit shows his class. The Scotsman. 04.10.2008. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 11 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 11 январехь
  15. Nick Harris. George Weah: favourite to win biggest battle — leading his country off the field. The Independent. 07.12.2004. Архивйина 2011-09-11 — Wayback Machine
  16. Fast facts on Ronaldo. Sports Illustrated. 31.08.2002. Архивйина 2012-10-25 — Wayback Machine
  17. Elizabeth Nash. Figo defects to Real Madrid for record £37.2m. The Independent. 25.07.2000.
  18. Real ropes Ronaldo. Sports Illustrated. 31.08.2002. Архивйина 2008-12-05 — Wayback Machine

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Кеп:«Дешин буьрка» йаьккхинарш